Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Йоккхаха йолчу йоІа кІант вира, цуьнан цІе Муаби тиллира цо (иза «дех винарг» бохург ду). Цунах схьабевлла хІинца болу муабахой. ТІаккха муабахойн паччахьо шел тІаьхьа паччахь хила везаш волу шен кІентех воккхаха верг, схьа а эцна, шера а, шуьйра а болчу пена тІехь шен далла лерина сагІина вагийра. Оцу гІуллакхо исраилхой чІогІа эргІадбехира. Цундела уьш, цигара юха а бевлла, шайн лаьтта тІе юхабирзира. ХІара бу Муабих лаьцна болу хаам. Маржа-яІ, цхьана буса Муабера Іар-гІала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Маржа-яІ, цхьана буса Муабера Кхир-гІала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тІехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бІаьрхих дуьзна а ду. Хьешбон а, ЭлиІала а гІаланашкара бахархой боьлхуш бу, церан тийжар ЯхІац-гІалина тІекхаччалц хезаш ду. Оцу бахьаненна Муабин тІемалоша маьхьарий детта – уьш дог доьхна бу. Муабих дог доьлху сан. Цу махкара уьдуш бу нах ЦІоІар-гІала а, ІагІлат-Шалши олучу метте а кхаччалц. Лухьайт цІе йолчу метте хьалабовлу уьш белхарца, Хьоронайме боьдучу новкъахь чІогІа белхар хІоттадо цара. Нимрайман хиш дІалекъна, аренан беш якъаелла, буц маргІалйоьлла, соьналла а дІаяьлла. Шаьш кхоийнарг а, гулдинарг а, схьа а эцна, Акхтаргийн хих дехьадоккху наха. Берриг а Муаби-махкахь белхар ду, АгІлайм-гІалина а, Беар-Элим цІе йолчу меттигна а тІекхаччалц ду тийжар. Дибон-гІала цІийх хьалаюьзна ю, амма Везачу Эло кхин а зен дийр ду цу махкана – Муабера бевддачарна а, махкахь бисинчарна а тІе лом хоьцур ду. «Вайн лаьттан олахочунна совгІатна Іахарий дахьийта СилаІ-гІалара яьссачу аренгахула Цийонан йоІан лам тІе». Бенаш чуьра ара а кхиссина, кхерсташ лелачу олхазарех тера хир бу Муабин зударий Арнон-хин гечонаш йолчохь. «Хьехар лохьа, хІун дан деза алахьа, – боху муабахоша ЯхІудан халкъе. – Буьйсанан бодано санна, дийнахь хьайн ІиндагІца дІахьулдехьа тхо, ларбехьа лаьхкина лелош берш, девдда лелаш долу тхо Іора ма дахахьа. Хьо волчохь Іайтахьа сан лаьхкина лелош болу муабахой, хІаллакбечух йолу дІалечкъийла царна хилахьа». Ницкъбийриг дІавер ву, хІаллакдар а соцур ду, гІело йийраш лаьтта тІера дІабевр бу. ТІаккха хедар боцучу безаман бух тІехь паччахьалла дІахІоттор ду, Даудан тІаьхьенах волчу тешамечу паччахьо олалла дийр ду. Иза бакъдерг лоьхуш волу кхелахо хир ву, нийсо лело сихлур а ву. «Муабин кураллех лаьцна хезна тхуна, цуьнан деза деттарх а, дозаллах а, чуьравийларх а хезна. Амма цуьнан деза деттар эрна ду». Цундела муабахой боьлхур бу, цара массара а Муабин къомах белхар дийр ду. Кхир-Хьарсат-гІалара Іаьвдинчу кемсийн курсаш дага а оьхуш, аша узарш а дийр ду, шу дог доьхна а хир ду. Цу хенахь иштта хир ду: Хьешбон-гІалина уллора кхаш дакъалур ду, ткъа Сибма-гІалин кемсийн бошмаш мазакъъевр ю. Кхечу къаьмнийн олахоша бошмийн тоьлла йолу таьллангаш хьоьшур ю. ДІаяханчу хенахь и таьллангаш ЯІзир-гІалина тІекхаччалц яьссачу ара кхочура, кемсийн таьллангаш, дІаса а яьржаш, хІордал дехьайовлуш яра. Цундела со а, ЯІзирера бахархой санна, тийжар ву хІаллакйинчу Сибмерачу кемсийн бошмех. Шуьца хиллачух сайн бІаьрхиш Іенор ду ас, Хьешбон-гІалара а, ЭлиІала-гІалара а бахархой, хІунда аьлча шун кемсаш а, ялта а чудерзош хуьлуш долчу гІовгІанечу самукъадаларан метта тІеман маьхьарий детташ ду. Токхечу лаьтта тІера самукъадалар а, доккхадедар а дІаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дІасацийна. Цундела мерзаша роггІана дагадо пІелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан. СагІа доккхучу шайн гуна тІе хьала а бовлуш, муабахоша шаьш кІадбахь а, шайн деланийн цІенна тІе а баьхкина, шаьш доІанаш дахь а, гІуллакх хир дац. Иза дара Везачу Эло дукха хенахь дуьйна хьалха муабахойх аьлла дош. Ткъа хІинца Везачу Эло иштта боху: «ТІелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, кхо шо даьлча, Муабин сийлалла дерриг а цуьнан доккхачу халкъаца хІаллакйийр ю. Бисинарш вуно кІезиг а, ницкъ боцуш а хир бу». Муаби-махках лаьцна Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Декъаза ю Набу-гІала, иза дакъазаяьккхина хир йолу дела. Кхиръятим, юьхьІаьржачу а хІоттийна, схьалаьцна хир ю. Цуьнан гІап, юьхьІаьржачу а хІоттийна, йохийна хир ю. Муабин къоман кхин сийлалла хир дац. Хьешбонехь цунна дуьхьалдаккха зулам кечдеш бу: „Дуьйло, хІаллакдийр ду вай и къам“, – бохуш. Хьо а, Мадмон-гІала, дІатийна хир ю, тур хьуна тІаьхьадаьлла лелар ду. Хьоронайм-гІаларчу наха маьхьарий детта: „Мел бохам бина! Мел чІогІа йохийна!“ Муабин къам хІаллакдина ду. Цуьнан бераш чІогІа доьлхуш ду. Лухьайте хьалаболучу новкъахь адамаш ца совцуш доьлхуш ду. Хьоронайм тІера боьдучу новкъахь гІайгІане маьхьарий ду хезаш мостагІаша дохор бахьана долуш. Довдалаш, кІелхьардаккхалаш шайн дахар! Яьссачу аренгахь йолчу куллах тарлолаш. Шайн корматаллех а, шайн бахамах а тешна шу Іийна дела, йийсаре кхочур ду шу. Шун дела волу Камош а гІур ву йийсаре, шеца динан дай а, элий а буьгуш. ХІора гІали чу хІаллакдеш верг вогІур ву, цу гІаланех цхьа а йоха ца еш а юьсур яц. ТогІеш а хІаллакьхир ю, шера аренаш а яссалур ю. Дерриг а Везачу Эло ма-аллара хир ду. Муабин къомана тІемаш лойша, иза, тІема а баьлла, дІабахийта. Цуьнан гІаланаш яссалур ю, хІунда аьлча цу чохь Іен стаг хир вац». (НеІалт хир ду Везачу Элан лаам ледара кхочушбечунна! Иштта неІалт хир ду шен туьре цІий ца Іанадойтучунна а.) Везачу Эло элира: «Муабин къам массо а хенахь паргІат дара, йийсарехь а иза ца хиллера. Иза, чагІар санна, хьаьъна лаьтташ дара, цхьана кеда чуьра вукху кеда чу а ца дуттуш. Цундела цуьнан чам а хьалхалера бара, цуьнан хьожа а хьалхалерниг яра. Делахь а, кестта тІейогІур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса чагІар дуттурш боуьйтур йолу. Ткъа цара Муабин къам, чагІар санна, охьаІанор ду. Цуьнан кедаш цара дассор ду, ткъа кхабанаш, кескаш яьхна, йохор ю. ТІаккха Муабин халкъ юьхьІаьржачу хІуттур ду Камош бахьана долуш, Исраилан тІаьхье, Бетал-гІалахь болчу цІуйх а тешна, юьхьІаьржачу хІоттаре терра. Шуьга муха алалур ду: „Тхо турпалхой ду, тІом бан ницкъболу адамаш ду тхо“? Бассалуш бу Муаби-мохк, цуьнан гІаланаш а ю йогуш, цуьнан тоьлла кІентий а бу хІаллакьхуьлуш, – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. – ТІекхочуш ду Муабин къам хІаллакьхилар, бохам цунна тІекхача сихбелла. Тийжар хІоттаде цу къоман дуьхьа, цунна гонах мел Іаш долчу къаьмнаша а, цуьнан цІе евзаш мел долчу халкъаша а. Ала: „Маржа-яІ! Нуьцкъала къам дІадаьлла, цуьнан сийлалла хІинца дайна лаьтта“. Дибонахь дехаш дерш, охьадисса шайн сийлаллин лакхенгара, лаьттарчу чена юккъе охьаховша. Муаби-мохк хІаллакбийриг хьуна тІелета, ткъа Цо шун массо а гІепаш йохор ю. ІаруІерахь дехаш долу адамаш, некъа йисте дІа а хІиттий, хьовса. ДІауьдуш болчу божаршка а, кІелхьарбовлуш болчу зударшка а хаттар де: „ХІун хилла шуна?“ ЮьхьІаьржачу хІоьттина Муабин къам, хІунда аьлча иза дохийна. Мохь бетташ, белхар де, Арнон-хин йистехула дІахаийта Муабин къам хІаллакдина хилар. ТаІзар дина шерачу аренашкахь йолчу гІаланашна: Хьулон-гІалина а, ЯхІац-гІалина а, МейпаІат-гІалина а, иштта Дибон-гІалина, Набу-гІалина, Байт-Диблатаймна, Кхиръятимна, Байт-Гамулна, Байт-МаІунна, Кхиръют-гІалина, Бацарна – ерриг а Муаби-махкарчу уллорачу а, генарчу а гІаланашна. Муаби-мехкан ницкъ дІабаьккхина, цуьнан куьг кагдина, – боху Везачу Эло. Вахон малар мала Муабин къомо, хІунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. Иза шен Іетторашна юкъахь керчар ду, шех нах а бийлош. Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цІе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол? Йита гІаланаш, муабахой, тархашна юкъахь даха ховша. Хьеха чу воьдийла йолчохь шайн бенаш а дина, Іаш долу кхокхий санна хила. Тхуна хезна Муабин кураллех лаьцна. Цуьнан куралла йоккха ю! Цо ша даздо, деза детта, шех дозалла до, ткъа цуьнан дог кураллех дуьзна ду. Суна девза цуьнан дозалла дар, – боху Везачу Эло, – ткъа иза эрна ду. Цо мел дийриг лаьттар дац. Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хІора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву. Со ЯІзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯІзир-гІалина уллорачу хІордана тІе кхаччалц Іохкуш яра. Ткъа хІинца хІаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тІелетира. Ирс а, синкъерам а дІабаьлла Кармалахь а, Муаби-махкахь а. Ас совцийна муттдоккхургана чуьра охьаоьхуш йолу чагІаран Іовраш, кхин хьошур яц кемсаш, самукъадаларца маьхьарий а детташ. Маьхьарий деттар ду, амма уьш синкъераме маьхьарий хир дац. Доьлхуш ду Хьешбонера а, ЭлиІалера а адам, церан белхар ЯхІац-гІала кхаччалц дІахезаш ду, иштта ЦІоІар-гІала дуьйна Хьоронайм-гІала а, ІагІлат-Шалши а дІахезаш ду иза. Нимраймара хи а дІасецна. Ас сацор ду, – боху Везачу Эло, – муабахоша шайн дезачу гунаш тІехь сагІанаш дахар а, шайн деланашна хаза хьожа йогІу хІума ягор а. Иштта сан дог, шедаг санна, Муаби-къомах тийжаш ду. Сан дог Кхир-Хьарасан бахархошна доьлхуш ду, хІунда аьлча церан массо а бахам хІаллакьхилла. ХІораннан корта баьшна бу, маж а яцъелла, массеран а куьйгаш хедийна, массарна а тІехь сингаттаман бедарш ю. Муаби-махкарчу цІенойн хІора тхевнна тІехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хІунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегІа санна, хІаллакбина, – боху Везачу Эло. – Ма хІаллакьхилла Муабин къам! Ма тийжаш ду иза! ЮьхьІаьржачу а хІоьттина, шен букъ берзийна цо! Массо а цунах кхаьрдар бу, ткъа цунна гонах мел долу къаьмнаш кхералур ду, цунна хилларг а гина». Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тІееанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Муаби-махкана тІехула. Цуьнан гІаланаш а, гІепаш а схьайохур ю, хІора муабахочун дог цу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду. Муабахой хІаллакбийр бу, уьш кхин къам хир дац, хІунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. Іадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, – боху Везачу Эло. – Іадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хІунда аьлча Ас Муаби-махкана тІе таІзаран денош далор ду, – боху Везачу Эло. – Хьешбон-гІалин пенийн ІиндагІехь бевдда боьлхурш гІо доцуш лаьтта, хІунда аьлча Хьешбонера цІе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гІалара алу марсаяьккхира. Цу цІеро муабахойн бІаьштигаш ягайо, оцу гІовгІа ечеран туьтанех цІе летира. Къа ду хьан, Муабин къам! Камош-харцделан халкъ, хьо хІаллакьхилла! Хьан кІентий кхечу махка дІабигина бу, ткъа хьан зудабераш йийсаре дІадигина ду. Амма тІаьххьарчу деношкахь Аса Муабин къоман аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Муабина тІехь кхел ярх лаьцна хааман чаккхе кхузахь ю.
Выбор основного перевода