Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна. „НеІалт хуьлда тІевеанчунна а, я бона а, я йисинчу зудчунна а нийса кхелъяр талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догІарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тІе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугІура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара. Цара Сан халкъах кхаж туьйсура, кІентий а дІалора нахаца лелачу зудчух, йоІ а чагІарх дІаюхкура, маларш а муьйлура. Иштта аша мисканиг охьа а теІош, цуьнгара ялтица совгІаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тІулгех цІенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагІар мер дац, хІунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагІий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гІуллакхаш галдоху аша кхел ечохь. Иза хир ду хьал доцурш детих эца а, мисканаш шина мачех хийца а, дІаден мегаш доцу хІу дохка а».
Выбор основного перевода