Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дІабузале юхало иза цунна, Цу хенахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – ондачу меттехь болу хьостам, меттах а баьлла, охьабужур бу. Цу тІехь кхозуш дерг, доьхна, дІадер ду». Иштта боху Везачу Эло. ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду. Кедаш чуьра чагІар муьйлу аша, уггар а дикачех хьакхарш хьоькху, амма Юсупан цІенна хин болчу бохамех доьлхуш дац шу!
Выбор основного перевода