Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Суна иза го, амма иза хІинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тІаьхьенах. Паччахь вогІур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бІаьштигаш а отур ю, ШатІин ерриге тІаьхье а хьоьшур ю. Кхетийша, паччахьаш! Іамийша, дуьненан куьйгалхой! Цо баьччанех хІумма а йоцург йо, кху лаьттан куьйгалхой тІепаза бойу. Шайн корматаллех а, шайн бахамах а тешна шу Іийна дела, йийсаре кхочур ду шу. Шун дела волу Камош а гІур ву йийсаре, шеца динан дай а, элий а буьгуш. Нийсонах дІовш деш долу а, бакъдерг лаьтта кхуссуш долу а, хІай адамаш! хІунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагІий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гІуллакхаш галдоху аша кхел ечохь. Говраш тархашна тІехула евдда лелий те? Стерчашца хІордана тІехь охана далур дуй те? Аша-м нийсонах дІовш а дина, бакъдолчух стим а бина.
Выбор основного перевода