Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Кхиръют-гІалина, Бацарна – ерриг а Муаби-махкарчу уллорачу а, генарчу а гІаланашна. Цуьнан гІаланаш а, гІепаш а схьайохур ю, хІора муабахочун дог цу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду. Хьешбон-гІалин пенийн ІиндагІехь бевдда боьлхурш гІо доцуш лаьтта, хІунда аьлча Хьешбонера цІе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гІалара алу марсаяьккхира. Цу цІеро муабахойн бІаьштигаш ягайо, оцу гІовгІа ечеран туьтанех цІе летира.
Выбор основного перевода