Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
«Исраилхошка, дІахьедар а деш, иштта дІаала: „Нагахь санна шуна юкъара стагана я зудчунна, Везачу Элана лерина ша къобалвина назархо хилархьама, шатайпа нигат дан лаахь, цо я чагІар, я кхин тайпана вахош долу малар мала ца деза. Иштта цо чагІарх я кхечу маларх дина къонза а, кемсех дина мутта а мала мегар дац, ткъа керла я якъийна кемсаш а яа мегар дац цо. Ша назархо хиларан деношкахь, цхьана а тайпана кемсех яьккхина хІума яа ца еза цо. Ур-атталла кемсийн хІу а, чкъор а даа ца деза. Ша назархо хила нигат динчу дерриге а деношкахь цу стеган корта ларга мегар дац. Ша Везачу Элана лерина къобалвина денош чекхдовллалц, иза Делан долахь а ву, цо шен коьртара месаш яхъялийта а еза. Иштта, ша Везачу Элана лерина къобалвинчу дерриге а деношкахь докъана юххе ваха а мегар дац и стаг. Ур-атталла шен да я нана, ваша я йиша дІакхелхича а, царах хьакха а велла, Далла гергахь ша бехван мегар дац цо, хІунда аьлча ша Далла лерина къобалваран билгало ю цуьнан коьрта тІехь. Ша назархо хиларан дерриге а деношкахь иза Везачу Элан долахь ву. Ткъа нагахь, дагахь а доцуш, цІеххьана цунна юххехь волу цхьаъ валарна, ша назархо хиларан билгалонна йолу шен коьртара месаш Далла гергахь цо бехъяхь, шен корта ворхІалгІачу дийнахь дІабаша беза цо, хІунда аьлча цу хенахь иза юха а цІанлур ву. БорхІалгІачу дийнахь динан дега иза гуламан четар чу волучу меттехь я ши къоркхокха, я ши кхокха дІабала беза цо. Цхьа кхокха къинан сагІина, шолгІаниг – дагоран сагІина дІаоьцур бу динан дас оцу стагана тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдархьама, хІунда аьлча оцу стага докъах хьакхаваларехула къа латийна. Оццу дийнахь шен корта юха а Далла лерина къобалбан беза цо. ТІаккха цо юха а ша Везачу Элана лерина къобалвеш долу назархо хиларан денош дІадоло деза. Иштта, цу стага цхьа шо кхаьчна боьрша Іахар а беана, иза къера хиларан сагІина дІабала беза динан дега. Иза назархо хиларан цуьнан денош дІадайна, и денош цо юха карладаха деза, ша, докъах а хьакхавелла, бехвелла дела. Шен назархо хиларан денош чекхдевлча, назархочунна хІоттийна товрат-хьехам иштта бу. И стаг, гуламан четарна чу воллучу метте а вигина, Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура.
Выбор основного перевода