Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хІиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе. ТІаккха Веза Эла со вен гІерташ болчу Іанатот-гІаларчу цхьаболчу божарех лаьцна вистхилира соьга. Цара соьга аьллера: «Везачу Элан цІарах кхайкхамаш ма бе, оха вуьйр ву хьо». Амци-ЯхІус иштта элира Іамосе: «Хиндерг хууш верг! Вало, ЯхІуд-махка дІа а гІой, цигахь бепиг даа хьайна алапа эца, цигахь, пайхамаро санна, хаамаш а бе. Ткъа Бетал-гІалахь пайхамаралла кхин ма де, хІунда аьлча иза паччахьо Іибадат деш йолу меттиг а ю, пачхьалкхан Деза цІа а ду». ЛадогІа хІинца Везачу Элан даше. Ахь боху: „Исраилан халкъе Делера болу хаамаш ма бе. Исхьакхан тІаьхьенашна дуьхьал цхьа а вон дош ма ала“. Наха боху: «Пайхамаралла ма де, хІай пайхамарш! Ма де тхуна пайхамаралла. Тхо сийсаздаьхна хир дац».
Выбор основного перевода