Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хІунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тІаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тІедиллина долу дела. Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тІеман бІо санна. Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тІехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хІокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХІара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хІуманна тІехь эшам ловш дацара. ЛадогІа кху даше, исраилхой. Мисар-махкара шу арадаьхначу Везачу Эло шун массо а тукхамашка аьлла:
Выбор основного перевода