Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хІара весеташ аш кхочуш ца дахь, нагахь Сан парзаш дІа а теттина, Ас тІедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, ЯхІудхоша а ца лардора шайн Везачу Делан весеташ. Цара а леладора исраилхойн Іадаташ, исраилхоша дийрриг а деш. Аша боху: «Іожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитІедалар санна, чугІиртича, иза тхуна тІе кхочур дац, хІунда аьлча оха харцонах тхайн дІалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина». ЛадогІал, латта! Аса ЯхІудан халкъана тІе боккха бала боуьйтур бу. Ткъа и бала цара йина ойланаш бахьана долуш хир бу, хІунда аьлча цара Аса аьллачуьнга тидам а ца бира, ткъа Сан товрат-хьехам дІа а теттира. Шун хьекъалчаш юьхьІаьржачу а хІуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал? Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дІалечкъийла а! Хьо волчу догІур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьІІера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Іамал еш а хилла. Амма цу цІуша царна цхьа а тайпана гІо ца дина. Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тІедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дІа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чІогІа сийсаз а дохура. ТІаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тІе йоссо, уьш хІаллак а беш. хІунда аьлча Исраилан халкъо Сан тІедехкинарш дІа а тоттура, Сан парзаш кхочуш а ца деш, лелара иза, Ас шайна делла долу шоьтан денош а сийсаздохура, хІунда аьлча церан дегнаш шайн цІушна тІегІерташ дара. Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гІолаш шайн дайша дІакхехьначу некъашкахула, цара шайна тІедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цІушна тІе а товжий. Дерриг а Исраилан халкъо дІатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугІуш, иза дІадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неІалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тІехь язбина болу, хІунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна. Ас массо а къаьмнаш схьагулдийр ду. Уьш ЯхІушапти-тогІи чу схьадалор ду Ас. Цигахь Ас царна тІехь кхел йийр ю Сайн долахь долу Исраилан халкъ бахьана долуш. ХІунда аьлча цара Сан халкъ къаьмнашна юкъахь дІасадаржийна, Сан латта а цара дІасадекъна. Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хІуманашна Іибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Іибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин!
Выбор основного перевода