Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Ас, Сайн оьгІазло цунна дуьхьал а яссийна, шен халкъана юкъара дІаэккхор ву и стаг, хІунда аьлча цо, шен бераш Мулкана дІа а луш, Сан цІа бех а дина, Сан сийлахь цІе сийсаз а йина. Цара къен верг шайн некъа тІера дІатотту, махкахь гІело хьоьгурш къайлабуьйлуш лела безаш бу. ТІаккха стага, шен ден доьзалехь волу ваша схьа а лаьцна, цуьнга эр ду: «Хьан тІехулара бедар ю, тхан баьчча а хилий, хІокху саьлнийн дола дехьа». Цара Сан халкъа юкъара къен нах нийсачу кхеле ца кхочуьйту, гІийлачеран бакъонаш схьайоху, бисина Іачу зударийн а, байн а долахь дерг дІадоккху. Цхьаверг шен доттагІчун зудчуьнца лела, важа шен несаца лела, вукхо шен ден йоІ йолу шен йиша хьийзайо. хІунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагІий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гІуллакхаш галдоху аша кхел ечохь. ЛадогІа кху дешнашка, мисканаш дІакхалла а, къенаш хІаллакбан а хьаьгна долчу а, Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха». Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хІума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху.
Выбор основного перевода