Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гІур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хІума ма яц: тІоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгІат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хІун лур ю?» Хьайца итт бепиг, масех хьокхам, кхаби чохь моз а хьош, и пайхамар волчу гІо. Цо эр ду хьоьга вайн кІантах хиндерг». Везачу Эло цуьнга элира: «Вало, юха а верзий, хьайн новкъахула Дамасакхана уллорачу яьссачу аренга дІагІо. Хьо цига дІакхаьчча, Хьазиал даьтта доттарца арамхойн паччахь хиларна къобалве. Хьазиалан туьрах веддарг ЯхІус воьйтур ву. Ткъа ЯхІун туьрах кІелхьарваьлларг ЭлишаІ-пайхамаро хІаллаквийр ву. Ахьаз-ЯхІу-паччахьна, Шамран-гІалахь долчу шен цІенойн лакхарчу цІийнан дечиган гурахула чу а воьжна, чов хилира. Цо геланчаш бахийтира, цаьрга иштта а олуш: «Даха а гІой, Іекхран-гІаларчу цІу-дела волчу БаІал-Забубе хатта: „ХІокху чевнах хьалхавер вуй те со?“ – алий».
Выбор основного перевода