Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хьайн дахарехьа тур а буйнахь къийса дезар ду хьан. Хьайн вешин ялхо хир ву хьо, амма цунна дуьхьал а гІаьттина, цуьнан олаллин кІелхьара вер ву хьо». Цул тІаьхьа исраилхошца цхьаьна Макхедара Либна-гІала йолчу дІа а вахана, цунна дуьхьал тІом бира ЮшаІа. Везачу Эло исраилхойн кара схьаелира и гІала а, цуьнан паччахь а. Цу чуьра са мел долу адам туьраца хІаллакдира ЮшаІа: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. ГІалин паччахьна Ерихонан паччахьна диннарг дира. Эдоман халкъ таханлерчу денна тІекхаччалц яхІудхойн карара дІадалларх иштта Іаш ду. Оццу заманахь Либна-гІала а яхІудхошна дуьхьалъяьллера, хІунда аьлча ЯхІурама шен дайн Дела волу Веза Эла дІатеснера.
Выбор основного перевода