Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЭлишаІа шен ялхо волчу ГІайхьазига элира: «Схьакхайкхахьа оцу шунамхочуьнга». Ялхочо иза схьакхайкхира. Шунамхо, схьа а еана, цунна хьалха дІахІоьттира. Делан стеган ЭлишаІан ялхочо ГІайхьазис ша-шега элира: «Сан олахочунна ца лии оцу арамхочуьнгара НаІаманера цо деана совгІат схьаэца. Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо аса, цунна тІаьхьа а ведда, аса сайна цхьа хІума схьаоьцург хиларх». ГІайхьази НаІаманна тІаьхьаведира. Шена тІаьхьа ведда вогІург а гина, НаІаман, гІудалкх тІера охьа а воьссина, вогІучунна дуьхьалвахара. «ХІумма-м ца хилла?» – хаьттира цо ГІайхьазига. «ХІумма а ца хилла, – аьлла, жоп делира ялхочо. – Сан олахочо хьоьга хІара ала ваийтина со: „Эпрайм-лаьмнашкарчу пайхамарийн тобанера ши пайхамар веана со волчу хІинцца. Доьху хьоьга, царна ши пунт дети а, хуьйцуш тІеюха ши бедар а яийтахьа“». НаІамана элира: «Схьаэцахьа йиъ пунт дети». Цо дехарш дора, схьаэца бохуш. ТІаккха дети а, хуьйцуш юха ши бедар а, шина тІоьрмаг чу а йиллина, иза дІабихкира НаІамана. Шен ялхойх шиъ, ГІайхьазина хьалха а ваьккхина, и тІоьрмагаш цаьрга дІабахьийтира цо. Уьш гунна тІебевлча, церан карара тІоьрмагаш схьаийцира ГІайхьазис. И хІуманаш цІа чохь дІалачкъийра цо, ткъа ши ялхо дІавахийтира. ГІайхьази, чу а веана, ЭлишаІана хьалха дІахІоьттира. ЭлишаІа цуьнга хаьттира: «Хьо стенга ваханера, ГІайхьази?» «Хьан лай волу со-м цхьанххьа а ца ваханера», – аьлла, жоп делира ГІайхьазис. «И бакъ дац, – элира пайхамаро ялхочуьнга. – Сан дог хьоьца дара, и стаг, шен гІудалкха чуьра охьа а воьссина, хьуна дуьхьалвогІуш. Ахча, бедар, зайт-диттийн боьлакаш, кемсийн бошмаш, уьстагІий, хьелий, леш я гІарбашаш цхьаьнггара а схьаоьцу зама ма яц хІара! ХІинца дуьйна НаІаманан хилла йолу чкъуран цамгар хьуна а, хьан тІаьхьенна а тІехь хир ю массо а ханна». Оцу чкъуран цамгаро ло санна кІайвина, аравелира ГІайхьази ЭлишаІ волчуьра.
Выбор основного перевода