Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара, яхІудхошна тІе а гІоьртина, чу а бахана, паччахьан цІера, массо а хІума дІа а эцна, ЯхІураман кІентий а, зударий а дІабигира. Цуьнан кІентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхІу воцург, кІант ца висира ЯхІураман. ЯхІурам паччахь дІахІуттуш, цуьнан ткъе шийтта шо дара. Цо бархІ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цхьа а цунах велха а ца воьлхуш, иза дІакхелхира. Паччахьийн къуббанашкахь а ца вуллуш, Даудан гІалахь дІавоьллира иза. Ярушалайман бахархоша ЯхІураман жимаха волу кІант Ахьаз-ЯхІу цуьнан метта паччахь дІахІоттийра. ХІунда аьлча, уьш бехачу метте Іаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхІул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхІудхойн паччахьан ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу паччахьалла дан волавелира.
Выбор основного перевода