Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Йорам-паччахь ша-м ИзраІал-гІала юхавирзинера, арамхоша шена йинчу чевнашна дарбанаш леладайта. И чевнаш Йорамна хиллера, цо арамхойн паччахьца Хьазиалца тІом бечу хенахь.) ЯхІус элира: «Нагахь шу реза делахь, ИзраІал-гІала хаам эцна ца вахийтархьама, цхьа а гІалара ара ма валийта». ЯхІу, гІудалкх тІе а хІоьттина, ИзраІал-гІала вахара, хІунда аьлча Йорам цигахь хІинца а цомгуш волуш Іуьллуш вара. ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу а вара цига веана, Йорам мухачу хьолехь ву хьажа. Иза тІамера юхавирзира, Рамат-гІалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тІом бечу хенахь, шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраІал-гІалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхІудхойн паччахь волу ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу а веанера ИзраІал-гІала, цомгуш волу Ахьабан кІант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама. Йорам волчу вар Ахьаз-ЯхІуна Делера болчу бохамца дирзира. Ша схьавеача, иза Йорамаца цхьаьна Везачу Эло Ахьабан цІа хІаллакдан къобалвинчу Нимшайн кІантана ЯхІуна дуьхьалвелира.
Выбор основного перевода