Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Амма Царуятан кІанта Абушайс кІелхьарваьккхира Дауд. Цо пІелаштамхо, тоьхна, вийра. Даудаца хиллачу наха чІагІо йира. Цара элира: «Кхин цкъа а тхоьца тІаме аравер вац хьо, Исраилан махкахь богуш болу чиркх дІа ца байтархьама». Сулим-паччахьан кІанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цІе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалахь Сайна хьалха цуьнан тІаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. Иза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тІаьхье елира. Цул тІаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кІант велира, ткъа Ярушалайм-гІала Дала чІагІйира. Делахь а, Даудаца Ша бина болу барт бахьана долуш, Даудан цІа дакъазадаккха ца лаьара Везачу Элана. Цуьнан тІаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чІагІо ма йинера Везачу Эло.
Выбор основного перевода