Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эли-ЯхІу-пайхамарехула Везачу Эло ма-аллара, Ахьаз-ЯхІу велира. ТІаккха Ахьаз-ЯхІун метта паччахь хІоьттира цуьнан ваша Йорам, хІунда аьлча Ахьаз-ЯхІун шен кІант вацара. Иза дара яхІудхойн паччахь волчу ЯхІушаптин кІанта ЯхІурама олалла динчу шолгІачу шарахь. ЯхІудхойн паччахь волчу ЯхІушаптис паччахьалла деш долу берхІитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира Ахьабан кІант ЯхІурам. Цо шийтта шарахь, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира исраилхошна тІехь. Дас царна даккхий совгІаташ динера, дети а, деши а, деза тІулгаш а луш. Иштта ЯхІуд-махкара чІагІйина гІаланаш а еллера цо царна. Ткъа паччахьалла дар цо ЯхІураме деллера, иза шен дуьххьарлера кІант волу дела. Шен ден метта паччахь а хилла, цу даржехь ЯхІурам чІагІвелла дІахІоьттича, берриг а шен вежарий а, исраилхойн элех болу цхьаберш а туьраца байира цо. Аса – ЯхІушаптин да, ЯхІушапти – Йораман да, Йорам – Іузи-ЯхІун да,
Выбор основного перевода