Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу хенахь Эдом-махкахь паччахь вацара. Цигахь олалла деш яхІудхойн паччахьан мехкада вара. Иштта цхьаьна новкъа бевлира исраилхойн, яхІудхойн, эдомхойн а паччахьаш. ВорхІ дийнахь хьийзаш болу некъ бича, церан эскарна а, царна тІаьхьахІиттина догІучу шайна тІехь кира дахьачу дийнаташна а мала хи ца дисира. ТІаккха муабахойн паччахьо шел тІаьхьа паччахь хила везаш волу шен кІентех воккхаха верг, схьа а эцна, шера а, шуьйра а болчу пена тІехь шен далла лерина сагІина вагийра. Оцу гІуллакхо исраилхой чІогІа эргІадбехира. Цундела уьш, цигара юха а бевлла, шайн лаьтта тІе юхабирзира. ЯхІурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхІудан халкъан карара кІелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дІахІоттийра. ЯхІурам шен ерриге гІудалкхашца а, шен тІеман хьаькамашца а цига вахара. Иза, буьйсанна тІе а гІоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гІудалкхашна тІехь болчу церан хьаькамашна а тІелетира. Эдоман халкъ таханлерчу денна тІекхаччалц яхІудхойн карара дІадалларх иштта Іаш ду. Оццу заманахь Либна-гІала а яхІудхошна дуьхьалъяьллера, хІунда аьлча ЯхІурама шен дайн Дела волу Веза Эла дІатеснера.
Выбор основного перевода