Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІураман ткъе шийтта шо дара, иза яхІудхойн паччахь дІахІоьттича. Цо бархІ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цІийнах берш ма-леллара, хІунда аьлча Ахьабан йоІ цуьнан зуда яра. ЯхІурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Делахь а, Даудаца Ша бина болу барт бахьана долуш, Даудан цІа дакъазадаккха ца лаьара Везачу Элана. Цуьнан тІаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чІагІо ма йинера Везачу Эло. ЯхІурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхІудан халкъан карара кІелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дІахІоттийра. ЯхІурам шен ерриге гІудалкхашца а, шен тІеман хьаькамашца а цига вахара. Иза, буьйсанна тІе а гІоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гІудалкхашна тІехь болчу церан хьаькамашна а тІелетира. Эдоман халкъ таханлерчу денна тІекхаччалц яхІудхойн карара дІадалларх иштта Іаш ду. Оццу заманахь Либна-гІала а яхІудхошна дуьхьалъяьллера, хІунда аьлча ЯхІурама шен дайн Дела волу Веза Эла дІатеснера.
Выбор основного перевода