Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу деношкахь Везачу Эло исраилхойн лаьттан дакъош схьадаха долийра. Хьазиал, исраилхошна тІехь толам а баьккхина, йоккха кІошт яьккхира цаьргара шен дола. Цу хенахь арамхойн паччахьо Хьазиала, Гати-гІалина дуьхьал тІом а бина, иза дІалецира. ТІаккха Ярушалаймана тІелата дагадеара Хьазиална. ТІаккха Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Исраилан халкъана. Арамхойн паччахь волчу Хьазиалан а, цуьнан кІентан Бен-Хьадидан а караделира Везачу Эло и халкъ дуккха а ханна. ЯхІу-Ахьаз-паччахьан эскарх виснарг шовзткъе итт дошло а, итт тІеман гІудалкх а, итт эзар гІашло а бен вацара, хІунда аьлча арамхойн паччахьо и эскар дохийна дІадаьккхира, когаш кІел хьоьшу чан санна эскархой а беш. ЯхІуаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхеттачул тІаьхьа Іузи-ЯхІус, Эйлат-гІала ЯхІуд-махкана юха а ерзийна, иза меттахІоттийра. Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гІалара ара а ваьлла, Тапсахь-гІалина тІелетира. ГІалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тІелетира иза, хІунда аьлча цара гІалин кевнаш дІа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хІаллакьяйтира цо. Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цІеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу. тІеман гІовгІа ер ю хьан халкъана дуьхьал, хьан массо а чІагІонаш йохийна хир ю, тІеман дийнахь Шалман-паччахьо Байт-Арбел-гІала йохийча санна, шайн берашца наной хьаьшначу хенахь. Иштта боху Везачу Эло: «Іамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хІунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалІадехь, шайн латтанийн доза шордархьама.
Выбор основного перевода