Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалайман бахархоша ЯхІураман жимаха волу кІант Ахьаз-ЯхІу цуьнан метта паччахь дІахІоттийра. ХІунда аьлча, уьш бехачу метте Іаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхІул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхІудхойн паччахьан ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу паччахьалла дан волавелира. Ахьаз-ЯхІу паччахь хІоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Іатал-ЯхІу яра. Иза исраилхойн Іумари-паччахьан кІентан йоІ яра. Ахьаз-ЯхІу а Ахьабан цІийнах болчийн некъа тІе велира, хІунда аьлча цуьнан нанас харцахьара гІуллакхаш дарна хьехарш дора цунна. Везачу Элан лаамехь доцу гІуллакхаш леладора Ахьаз-ЯхІус а, Ахьабан цІийнах болчара лела ма-дарра, хІунда аьлча, Ахьаз-ЯхІун да дІаваьлчхьана дуьйна, цуьнан хьехамчий хилира царах. Оцу бахьаненна цунна бохам хилла. Иштта, церан хьехаршка ла а доьгІна, исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кІантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тІом бан вахара Ахьаз-ЯхІу. Иза ГалІадерчу Рамат-гІалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира. Иза тІамера юхавирзира, Рамат-гІалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тІом бечу хенахь, шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраІал-гІалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхІудхойн паччахь волу ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу а веанера ИзраІал-гІала, цомгуш волу Ахьабан кІант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама. Ахьаз-ЯхІу яхІудхойн паччахь дІахІоьттинера, Ахьабан кІанта Йорама паччахьалла до цхьайтталгІа шо долуш.
Выбор основного перевода