Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хІунда кхойкху хьо? Исраилхошка дІадуьйлало ала. Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. Ас мисархойн дегнаш чІагІдийр ду, тІаккха уьш исраилхошна тІаьхьагІур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирІунна а, цуьнан эскарна а, гІудалкхашна а, дошлошна а тІехь толам а баьккхина. Аса пирІунна тІехь а, цуьнан гІудалкхашна тІехь а, цуьнан дошлойшна тІехь а Сайн сийлалла гайтича, тІаккха хуур ду мисархошна Со вуйла Веза Эла». Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хІоьттира марханийн бІогІам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дІаяллалц тІеттІа ца бахара уьш. Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. ХІорда юккъерачу лаьтта тІехула дІабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агІор хи дара царна. ТІаьхьабевлла богІу мисархой шайн ерриг а говрашца, гІудалкхашца, дошлошца хІорда юккъе бевлира. Іуьйранна марханийн а, цІеран а бІогІамна юккъера чухьаьжначу Везачу Эло мисархой, бохийна, баржийра. Цо тІера чкъургаш дІайовлийтина дела, мисархойн гІудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!» Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хІорда тІехула лаца, тІеттІа хьаьддачу хино мисархой шайн гІудалкхашца а, дошлошца а дІахьулбийр бу». Мусас шен куьг хІорда тІехула лаьцча, Іуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хІаллакбира уьш. Шен метте юхадеанчу хино гІудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тІаьхьадаьллачу пирІунан эскарх цхьа а дийна ца висира. Амма хІорд бекъабелча гучудаьллачу лаьтта тІехула дехьабевллера исраилхой, аьтту а, аьрру а агІор хи хиллера царна, пен хилла лаьтташ. Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кІелхьарбехира. ТІаьхьо исраилхошна хІордан берда тІехь мисархойн декъий гира. «Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. КанаІан-мохк шуна бала а, шун Дела хила а Мисарара шу арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тІебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Іибадат дахь, Везачу Элан оьгІазалла юссур ю шуна тІе. ТІаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тІера сихха дІадевр ду шу». Ас шуьга элира: ‘Со ву шун Веза Дела. Іамал ма елаш шаьш Іаш долчу эмархойн лаьттара деланашна’. Амма аша ла ца дуьйгІира Сан озе“».
Выбор основного перевода