Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира Сулим-паччахье: «Хьо иштта леларна а, ахьа Соьца бина барт лар ца барна а, Аса хьайна бина хьехамаш ахь кхочуш ца барна а, Аса хьоьгара пачхьалкх билггала схьайоккхур ю, иза хьан уллорачарах цхьаннан кара а луш. Цул тІаьхьа АхьъяхІус ЯрбаІаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХІунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дІалур ду Ас. ЯрбаІам цІа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІоттийра. ЯхІудан тайпанах берш бен ца хІиттира Даудан цІийнах болчарна тІаьхьа. ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан. Даудан цІийнан паччахьалла, схьа а даьккхина, Аса хьан кара делира. Амма хьо сан ялхо волу Дауд санна вац. Дауда сан весеташ а кхочушдора, шен доггах Суна тІаьхьа а хІоьттира иза, Суна нийса хеташ дерг бен ца деш.
Выбор основного перевода