Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до доьалгІа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кІанта ХІушаІа паччахьалла до ворхІалгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тІе а гІоьртина, Шамран-гІалина го бира. Кхо шо даьлча, Шалманесара дІалецира и гІала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до йолхалгІа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, дІалаьцнера Шамран-гІала. Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дІабигира. Хьалахь-гІалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гІалахь а, мадайхойн гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш. И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догІарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тІе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугІура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара.
Выбор основного перевода