Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шеца цІий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, адамийн синош тІедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гІерташ верг. ХІунда аьлча Везачу Элана боьха хета и гІуллакхаш лелош берш, цундела шуна хьалхара дІалохку Цо и халкъаш, церан боьха гІуллакхаш бахьана долуш. Ахьаба Эли-ЯхІуга элира: «Сан мостагІа, карий-кха хьуна со!» Эли-ЯхІус элира: «Карий! ХІунда аьлча ахьа Далла хьалха Цуьнан лаамехь доцу хІума деш ду. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кІант цІерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш лела а деш.
Выбор основного перевода