Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кІантана». Амма цхьа дакъа Сулиман карахь дуьтур ду Ас, Сайн лай волчу Даудан дуьхьа а, Исраил-мехкан юкъара Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а. Сулим-паччахьан кІанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цІе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалахь Сайна хьалха цуьнан тІаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. ЯрбаІам цІа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІоттийра. ЯхІудан тайпанах берш бен ца хІиттира Даудан цІийнах болчарна тІаьхьа. ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо.
Выбор основного перевода