Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
(Хьалха, Исраилан махкахь, нагахь санна цхьаъ Делера хаам хиларе сатуьйсуш велахь, олуш хилла: «Вало, Делера дерг гуш верг волчу гІо вай», – хІунда аьлча цу хенахь пайхамарех «хиндерг гуш болу нах» олура.) Хьо тхан дайшца чІогІа собаре вара. Дуккха а шерашкахь царна садиттира Ахьа. Хьайн пайхамарш Хьайн Синехула иракара а хІиттийна, оцу пайхамаршкахула царна дІахьедора Ахь. Амма цара ла ца дугІура, цундела Ахьа уьш кхечу къаьмнийн кара дІабелира. Цундела дІаала ЯхІудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хІуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“. Оцу пайхамарша олура: „Шайн вочу некъех а, зуламаш лелорах а шух хІорра а дІаверзалаш, тІаккха Везачу Эло шуна а, шун дайшна а деллачу лаьтта тІехь абаденналц даха таро хир ю шун. Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дІаала: ‹ДІадовла шайн вочу некъаш тІера, сацаде шаьш лелош долу хІуманаш, дІадовла кхечу деланашна тІаьхьара, царна Іамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хІокху лаьтта тІехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугІура.
Выбор основного перевода