Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Ларлолахь, хьо дІавогІуш болчу махкарчу нахаца берта ма гІолахь, иза хьуна гур санна ца хилийтархьама. Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Цхьана Везачу Элана бен, кхечу далла ахь Іибадат дан мегар дац, хІунда аьлча Эмгаралла Ерг цІе йолуш волу Веза Эла – эмгаралла йолу Дела ву. Цара шайна сагІа доккху гунаш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а дІахІиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу дитта кІелахь а. Ас хьо дехачуьра Ашера-далла лерина долу дечиган хьан бІогІамаш дІадохур ду, ткъа хьан гІаланаш йохор ю.
Выбор основного перевода