Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудан халкъо Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дора. Шаьш летош долчу къиношца шайн дайша чул а сов дарвора яхІудхоша Веза Эла. Цара шайна сагІа доккху гунаш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а дІахІиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу дитта кІелахь а. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кІант цІерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш лела а деш. Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дІахердина. Амма Суна гира, и массо а хІума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхІудан халкъ а, дІа а дахана, кхахьпа санна лелара.
Выбор основного перевода