Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ларлолаш речІанна чу нисдаларх. Уьш шайн хьалхара хІаллакдина дІадаьхча, царна тІаьхьа шу ма довлалаш, церан деланаш леха ма долалолаш, ма бахалаш вовшашка: „ХІокху халкъаша шайн деланашна гІуллакх ма-дарра, оха а дийр ду“. Шайн деланашна цара Іамал ечу кепара шайн Везачу Далла Іамал ма елаш, хІунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кІентий а, шайн йоІарий а, шайн деланашна лоруш, цІергахь багабо. Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дІа а тесна, Дела воцучуьнца цара хьагІ хилийтина Сан, баьссачу цІушца оьгІазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагІ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю цаьргахь. Везачу Эло иштта боху: «ХІун зулам гина шун дайшна Соьгара, уьш Суна херабовллал? Суна гена а бевлла, хІумма а йоцучу цІушна суждане а оьхуш, шайх а хІумма а йоцург хилла царах. Шун хьекъалчаш юьхьІаьржачу а хІуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал? ХІунда аьлча шайна Дела вевззашехь, оцу адамаша хьакъ мадду сий а ца дора Делан, Цунна хастамаш а ца бора. И даран метта адамаш эрначу ойланашкахьа дирзинера, кхетам боцу церан дегнаш Іаржделлера.
Выбор основного перевода