Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Іеха а делла, царна Іибадат ца дархьама а, царна гІуллакх деш ца лелархьама а, хІунда аьлча шун Везачу Дала стигал кІел мел долчу халкъашна делла и дерриге а. ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Хино лестош болу эрз санна хилла, дІахІоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таІзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тІера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахІитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дІасадаржор ду иза. Цара шайна сагІа доккху гунаш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а дІахІиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу дитта кІелахь а. Ур-атталла шен ден нана МаІха а паччахьан цІе лелорах яьккхира Асас, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бІогІам дІахІотторна. И цІу, цеста а цистина, Кхидрун-тогІи чохь вагийна дІаваьккхира Аса-паччахьо. НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тІехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвохуьйту гІуллакхаш дарна тІехь. Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаІална сагІа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора.
Выбор основного перевода