Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Цундела хІокху лаьттах Везачу Элан оьгІазлонан цІе яьлла, Цо хІокху тептар тІе яздинчу бертан дерриг а неІалташ царна тІе хьажийна. Уьш Везачу Эло Шен чІогІачу оьгІазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тІера дІа а даьхна, кхечу лаьтта тІе кхийсина, хІинца вайна гуш ма-дарра“. Кхо шо даьлча, Шалманесара дІалецира и гІала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до йолхалгІа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, дІалаьцнера Шамран-гІала. Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дІабигира. Хьалахь-гІалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гІалахь а, мадайхойн гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш. ТІаккха Исраилан Дала, ашурхойн паччахьан ПІулин (иза ТигІлат-Палиасар ву) са карзах а даьккхина, раабанхой а, гадахой а, Маннашан ахтайпанан тІаьхье а йийсаре дІайигийтира. Уьш Хьалахь-гІала а, Хьабур а, ХІари а цІераш йолчу меттигашка а, Газун-гІалин хин йисте а дІабигира. Таханлерчу денна тІекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.
Выбор основного перевода