Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мичахь бу Хьамат-гІалин а, Арпад-гІалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм а, ХІинаІ а, Іева олучу гІаланийн деланаш? Шамран-гІала а кІелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХІинаІ а, Іева а цІераш йолчу гІаланийн паччахьаш?» Зурбабелана а, тайпанийн хьалхарчу нахана а тІе а баьхкина, цара элира: «Тхоьга а шайца цхьаьна болх байта, хІунда аьлча тхо а ду шун Далла Іамал еш. Ашурхойн паччахь волчу Эсар-Хьадуна тхо кхуза далийча дуьйна схьа, тхо Цунна лерина долу сагІанаш дохуш ду». Цаьрца цхьаьна дІаяздора кхиболчара а, веза, сийлахь волчу Оснапарис Шамран-махка а, Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанашка дІабигна болчу».
Выбор основного перевода