Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу тІе Везачу Элана а Іамал йора цара. СагІа доккхучу гунаш тІе шайна юкъара динан дай хаьржира цара. Уьш гІуллакх деш бара гунаш тІехь долчу харцделанийн цІенош чохь. Цара Везачу Элана Іибадат дора, амма, шаьш арадаьхначу къаьмнийн ламасташка хьаьжжина, шайн деланашна а Іамал йора цара. Тхевнна тІе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хІорра а хІаллаквина дІавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Іибадат а деш, тешаме хила чІагІо а еш, амма шайн паччахьах чІагІонаш йийраш а хІаллакбина дІабохур бу Ас. Шина хІусамдена гІуллакх далур дац цхьана ялхочуьнга. Цунна цхьа хІусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».
Выбор основного перевода