Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Хьажал шайна, Дела Ша ву тхан куьйгалхо, ткъа Цуьнан динан дай кийчча лаьтташ бу, шайн турбанашца орца даккхар хазийта, шуна дуьхьал тІом бархьама. Исраилхой! Шайн дайн Дела волчу Везачу Элаца тІом ма белаш, хІунда аьлча цу тІехь шун толам хир бац». Ткъа хІинца аша бан ца беза и тІом. Шу, дІа а хІиттий, хьоьжуш Іе шайна Везачу Элера хир долчу кІелхьардовларе. ЯхІудхой, Ярушалаймхой! Шу кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила. Шу кхана царна дуьхьалдовла, ткъа Веза Эла шуьца хир ву». Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дІадели. ДІа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тІехь а лакхавоккхур ву Со. Иштта боху Везачу Эло: «НеІалт хир ду, кхечу стагах а тешаш, цунах шена гІортор а йина, шен дог Везачу Элана уллора дІадаьккхина лелаш волчунна. Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а, шен тІетовжа меттиг – Веза Эла ерг а.
Выбор основного перевода