Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кІант Сулим, сан бІарзанна тІе а хаавай, Гихьон-шовданна йисте дІавига. Хьузакх-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гІуллакхех а, цо бинчу хи латтош болчу Іомах а, цо лаьтта кІелхула гІали чу хи далош аьхкинчу саьнгарх а лаьцна – дІаяздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. Шуна гира Даудан гІалин пенашна даьхна Іуьргаш. Лахарчу Іома чохь хи гулдеш дара шу. Ширачу Іома чуьра хи, схьа а эцна, Іалашдархьама, шина пена юккъехь меттиг кечйира аша. Амма и дерриге а Хилийтинчуьнга шу ца хьоьжура, дуккха а хьалха и гІуллакхаш кхочушдан Къастийначун тидам ца бора аша.
Выбор основного перевода