Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цу деношкахь Хьузакх-ЯхІу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кІант волчу ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цІентІехь болчаьрга весет де, хІунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“». Юьхь пенехьа дІа а ерзийна, Везачу Эле иштта доІа дира Хьузакх-ЯхІус: «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тІевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТІаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхІу. ЕшаІ-ЯхІу паччахьан цІийнан юккъерачу кертара ара а валале, Везачу Элан дош кхечира цуьнга: «Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхІуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доІа а хези, хьан бІаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгІачу дийнахь Везачу Элан цІийне гІур ву хьо. Ас хьан дахарна пхийтта шо хан тІетухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хІара гІала а кІелхьарйоккхур ю Аса. Сайн дуьхьа а, Сайн ялхо волчу Даудан дуьхьа а ларйийр ю Аса хІара гІала’“». ЕшаІ-ЯхІус элира: «Іаьвдина инжирийн курс схьаэца». Іаьвдина инжирийн курс схьа а эцна, иза оцу ноткъа ечу меттигна тІейиллира цара. ТІаккха паччахь товелира. Хьузакх-ЯхІус ЕшаІ-ЯхІуга хаьттира: «ХІун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгІачу дийнахь со Везачу Элан цІийне гІур ву аларан?» ЕшаІ-ЯхІус жоп делира: «Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан билгало хІара хир ю: лами тІера ІиндагІ итт тІегІанна хьалхадаккха я юхадаккха лаьа хьуна?» Хьузакх-ЯхІус элира: «ІиндагІана атта хир ду итт тІегІанна хьалхадала. ХІан-хІа, лами тІера ІиндагІ итт тІегІанна юхадалийта». ЕшаІ-ЯхІу Везачу Эле кхайкхира. Ткъа Везачу Эло Ахьаз-паччахьан лами тІера ІиндагІ ша тІедаханчу итт тІегІанна юхадаккхийтира. Цу деношкахь Хьузакх-ЯхІу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кІант волчу ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цІентІехь болчаьрга весет де, хІунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“». Юьхь пенехьа дІа а ерзийна, Везачу Эле иштта доІа дира Хьузакх-ЯхІус: «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа, Хьуна тешаме а волуш, доггах тІевирзина а хуьлуш, со Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТІаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхІу. Юха Везачу Элан дош кхечира ЕшаІ-ЯхІуга: «Хьузакх-ЯхІу волчу а гІой, иштта дІаала цуьнга: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доІа а хези, хьан бІаьрхиш а ги. Ас хьан дахарна тІе пхийтта шо хан тухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хІара гІала а кІелхьарйоккхур ю Ас, гІала лар а йийр ю’“. Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан хІара билгало ю хьуна. „Ахьаз-паччахьо бинчу лами тІера маьлхан ІиндагІ итт тІегІанна юхадоккхур ду Ас“, – боху Везачу Эло». Ша чубаханчуьра итт тІегІанна юхабелира малх.
Выбор основного перевода