Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цара шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цІа дІатесира. Ашера-далла лерина болчу дечиган бІогІамна а, цІушна а Іибадат дан буьйлабелира уьш. Церан и бехк бахьана долуш Веза Эла оьгІазвахара ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайман а бахархошна. Ша ницкъ а болуш дІахІоьттича, Іузи-ЯхІун дог шена бохамна кураделира. Шен Везачу Далла дуьхьал къа латийра цо, хІунда аьлча иза ша чувелира Везачу Элан цІа чу, цу чохь хаза хьожа йогІу хІума ягорхьама. ХІун юхалур ю ас Везачу Элана Цо суна мел динчу диканна дуьхьал? Геланчаш хазахетарца тІе а эцна, Хьузакх-ЯхІус царна гайтира шен чІоь-цІа чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а, деза хьакхарш а, герз чохь долу цІа а, шен хазнашкахь кхин мел карош дерг. Хьузакх-ЯхІус шен паччахьан цІа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хІумма а ца дисира. Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хІара стаг бен ма вац?»
Выбор основного перевода