Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Іаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхІус, цу Далла лерина сагІа доккху гунаш а, шайна тІехь долу кхерчаш а дІа а даьхна, ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хІокху кхерчана хьалха бен Іибадат ма де’. И дерриге а чекхдаьллачул тІаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхІудхойн гІаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хІиттийна тІулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а хедийра, тІехь сагІа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхІуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тІаьхьа берриге а исраилхой шайн гІаланашка, шайн хІусамашка юхабирзира.
Выбор основного перевода