Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Паччахьан цІийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тІе а духийтина, Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарна тІебахийтира цо. Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо дийна волу Дела емалвеш аьлла дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна и дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“». Везачу Элана хьалха доІа а деш, Хьузакх-ЯхІус элира: «Каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а.
Выбор основного перевода