14
Иза Данан тІаьхьенах йолчу зудчун кІант ву. Цуьнан да цорахо ву. Деших а, детих а, цІастанах а, эчигах а, тІулгах а, дечигах а, таьІна цІечу а, цІарула-цІечу а, сийначу а басахь долчу тех а, дуткъачу кІадих а хІуманаш ян а, хадорца хІуманашна тайп-тайпана куьцаш дан говзалла а ю цуьнан. Шега делла муьлхха а суртдаран гІуллакх кхочушдан тарлур ду цунна. Шена тІедиллинарг дерриг а кхочушдийр ду цо хьан а, сан олахо волчу хьан ден Даудан а говзанчашца цхьаьна.