Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Дауд цу гІопа чохь ваха хиира, цуьнан цІе, «Даудан гІала» аьлла, тиллира. Цо гІалина гонах долчу лаьтта тІехь гІишлош дІахІиттийра. Цо Милло олучу гу тІера дуьйна дІахІиттийнера уьш. ТІаккха, Даудан гІалара ара а яьлла, Сулим-паччахьо шена динчу цІа чу елира пирІунан йоІ. Цул тІаьхьа Милло цІе йолу терхийн басенаш йина дІахІиттийра паччахьо. Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, иза Ярушалайме дІа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. Шуна гира Даудан гІалин пенашна даьхна Іуьргаш. Лахарчу Іома чохь хи гулдеш дара шу. Ярушалаймерчу цІеношка а хьаьжна, шаьш къастийна цІенош дохийра аша, гІалин пенаш чІагІдархьама.
Выбор основного перевода