Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хІокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кІезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хІун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла. Цо шуна яьссачу аренгахь манна олу кхача баабора, шуна а, шун дайшна а хІун ю а хиъна йоцу, шайн кІезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, тІаьхьа шуна дика дархьама а, ахьа оцу пайхамаре я оцу гІенаш гуш волчуьнга ла ма догІалахь, хІунда аьлча ишттачу хІуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те. ЕшаІ-ЯхІу Везачу Эле кхайкхира. Ткъа Везачу Эло Ахьаз-паччахьан лами тІера ІиндагІ ша тІедаханчу итт тІегІанна юхадаккхийтира. Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кІанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгІат а дахьийтира Хьузакх-ЯхІуна, иза цомгуш ву аьлла, шена хезна дела. Цу деношкахь Хьузакх-ЯхІу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Хьузакх-ЯхІус Везачу Эле доІа дича, тамашийна билгало ярца Цо жоп делира цунна. Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кІанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгІат а дахьийтира Хьузакх-ЯхІуна, иза цомгуш хиллачул тІаьхьа товелла аьлла шена хезна дела.
Выбор основного перевода