Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Хьалкхи-ЯхІун кІанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тІехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Іебархойн маттахь ма дийца тхоьца». Эскаран хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тІе а, хьуна тІе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хІара дешнаш дІаала? ХІан-хІан, хІокху пенна тІе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юур долчу а, шайн хьатІ муьйлур долчу а кху адамашка а дІаала веана со». ТІаккха эскаран хьаькамо, хьала а гІаьттина, чІоггІачу озаца Іебархойн маттахь элира: «ЛадогІалаш ашурхойн сийлахьчу паччахьан дешнашка!
Выбор основного перевода