Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
„Цхьа хан йогІур ю, хьан цІа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дІахьош. ХІумма а бухадуьсур дац“, – боху Везачу Эло. Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кІентех цхьаберш а дІабуьгур бу. Бавелан паччахьан цІахь баьІна ялхой бийр бу царах». Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш. Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура. «Муршатахо волу Мика-ЯхІу пайхамар хилла яхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхІудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю’. ЯхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІус а, ЯхІудан халкъо а вийрий Мика-ЯхІу? Хьузакх-ЯхІу Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна ца хилла те, цо Веза Эла шена резахилийтар ца лехна те? Ткъа Везачу Эло, дохка а ваьлла, Ша царна бан аьлла болу бохам ца сацийна те? Ткъа вай ваьшна доккха зен дан кечделла“».
Выбор основного перевода