Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кІелхьарбаьккхиний? Мичахь бу Хьамат-гІалин а, Арпад-гІалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм а, ХІинаІ а, Іева олучу гІаланийн деланаш? Шамран-гІала а кІелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кІелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТІаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“» Сан дайша хІаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кІелхьарбаьхний? Газун а, ХІаран а, Рацап а гІаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Іеданера а бахархой кІелхьарбаьхний цара?
Выбор основного перевода