6
Иштта, юхаметтахІоттийра цо БаІалт-гІала а, шен долахь йолу тІаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гІаланаш а, говраш южу гІудалкхаш латтош йолу гІаланаш а, дошлойн говраш чохь латтош йолу гІаланаш а. Ерриг Ярушалайм-гІалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тІехь шена ян лиъна йолу массо а хІума йина дІахІоттийра Сулим-паччахьо.