6
Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхІуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дІасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тІехь яздина дара: «Исраилан халкъ! ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тІедерзалаш, тІаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тІевоьрзур ву Иза а.