Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ДІа а хаа, шайн даг чохь а латтаде, Веза Эла лакхахь стигалахь а, лахахь лаьтта тІехь а Дела вуйла а, И воцург, кхин цхьа а дела воцийла а. Хьоьца ду, Веза Эла, возалла а, нуьцкъалалла а, сийлалла а, толам а, инзаре хазалла а. Стигалшкахь а, лаьттахь а мел дерг Хьан ду. Хьан ду, Веза Эла, паччахьалла а. Хьо ву массо а хІуманан Коьртаниг. Хьоьгара ду хьал а, сийлалла а, Ахьа до олалла массо а хІуманна тІехь. Хьан карахь ду нуьцкъалалла а, чІагІо а. Хьан олаллехь ду милла а вазвар а, чІагІвар а. Аса-паччахьо, тІамца цунна дуьхьал а ваьлла, шен эскар Мареша-гІалина уллорачу Цепата олучу тогІи чохь дІахІоттийра. Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол». Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цІе дерриге а лаьтта тІехь! Стигалшкахь дІахІоьттина ду Хьан сий! Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела. Массара а говза назма Цунна ала. Массо а халкъашна тІехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Іаршехь охьахиъна ву Дела. Хьуна гина долу доккха а, онда а дитт, стигала кхаччалц лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара. Хьарам лаамна кІел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара. Кога юьйхина мачаш а, шайна тІехь йолу цхьа бедар а бен, сов хІумма а ма хьуо».
Выбор основного перевода