Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Яптахьна тІе Везачу Элан Са доьссира. Иза ГалІадан а, Маннашан а мехкашкахула а, иштта ГалІадарчу МицІпехула Іамминхойн махка тІе кхечира. ХІайманна аьтту агІор лаьттачу цуьнан гергара волчу Асайпа зурманчин гІуллакх дора. Асайп вара Берех-ЯхІун кІант. Берех-ЯхІу ШимІин кІант вара. Іудадан кІантана Іазар-ЯхІуна тІе Делан Са доьссира. Юха динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІантана Закри-ЯхІуна тІе доьссинчу Делан Синан ницкъо дІахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дІа а хІоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХІунда довлу шу Везачу Эло тІедиллинчунна тІера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дІатасаре терра, Цо а дІатосур ду шу“».
Выбор основного перевода